Читать «Лаьмнаша ца дицдо» онлайн

Магомет Абуевич Сулаев

Страница 95 из 122

хIума ца карийра цунна, цхьа тамашена бисина цIийна тIехьа Iуьллу xIapa лами боцург. Цецваьлла, велакъежира цунна иза. Лами хьала а хIоттийна, чIогIа буйла хьожуш, дIасатуьйхира. Корта хьовзийра Тавсолтас: тохарлерраниг бара, цхьа а тIегIа малдаланза. «Табина хир бу», — дагатесира. ЦIенойн тхов тIе ваьлла а хьийжира: цIенош, тишделлехь а, чохь Iен мегар долуш карийра цунна. ТIаккха кешнашкахьа вахара, уггар хьалха — хIолламаш дохкучу маьIIе. Вехха лаьттира Тавсолта, шен вешин Iалсолтин, кIентан Даудан хIолламашна хьалха доIанаш деш. Дукхахдолу хIолламаш а, чарташ а дийна дисинера: кхузахь Iийначу дагестанхоша Iалашдарна. Амма лекхий, дуькъий дара нохчийн кешнашкара къух! Халла схьакарийра Тавсолтина шен ден Берсин, чурт доцу каш, цунна йуххера, маццах xIapa йурт — «Эскиной» йиллинчу, кхуьнан ден ден Эскин кошехь доьгIна акхачу тIулган чурт довзарна.

Вехха хьийзира и йараш дIайохуш, майда цIанйеш. Эххар, доккха са а даьккхина, Нурбикин каш долчухьа вахара. Коьллаш куьйгашца дIасатуьттуш, воьдура Тавсолта. XIapa Нурбикин каш тIе кхачале, зударийн тийжар хезира: коьллаш дIасатеттина, хьаьжча, гира, коша тIе а йоьжна, йоьлху Селитий, Нурседий. «Кхарна дикахо карор ду xIapa каш», — дог доьхна хьаьжира и шина йоIе. Да гучуваьлча, сихха хьалагIаьттина и шиъ, бIаьргех йовлакхийн маьIигаш а хьаькхна, йоьлхучуьра сецира.

— Йало хIинца ший а, хьуьлла тIе а хIоттий, — Тавсолтас хIолламашкахьа куьг тесира, — хьиэ ца луш, чугIо… Йуург кечъе… «Цунна» хIусам а йовзийта. Цхьацца адамаш а дуьйлалур ду эха. Со а чувогIу, цхьана метте а хIоьттина, — аьлла, ойлане Нурбикин коша тIехь а лаьттина, тIаккха ЦIечу берде бIаьрг тоха, Яьссин йистехьа вахара Тавсолта.

Кешнийн кертах ара а ваьлла, йуххерчу хьуьн чухула ирзух тIех а ваьлла, и вогIуш, дитташна йуккъера цIеххьана кхунна чухьаьвдира месала, кенаш а девлла, къанделла, дай боцуш дисна, акха жIаьлеш. Схьаэцна гIорзалгаш тоьхна, дIалаьхкира уьш Тавсолтас. Амма цхьаъ, дIадаха ца туьгуш, Тавсолтина тIе а дирзина, «гIалх» деш лаьттара, муцIар, хьожа йохуш санна, хьала а йерзийна. Тавсолтин дегIехула зуз хьаьдира: цунна гира, цунна бевзира, жIаьлин логах боллу, маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, йоьза хIоз.

— Борзиг!.. Борзиг!.. — схьатIекхайкхира цо жIаьлига. Лаьттахула лохха текхна тIе а деъна, жIаьло Тавсолтин когах мотт хьаькхира. Шен гIода йуккъера схьадаьстина доьхка цуьнан логах боллучу йоьзан хIазарх таса дагахь Тавсолта охьатаьIIашехь, дIаиккхина жIаьла, дитташна йуккъехь дайра.

— Борзиг!.. Борзиг!.. — бохуш, Тавсолтас, бере санна, дехха къинхетаме озаца кхайкхира цуьнга, тIаьхьаваьлла, дитташна йуккъехула генна дIа мохь бетташ. Амма Борзиг йуха ца деара. ГIийлачу ойланехь вухавирзина Тавсолта, йуха а цу ирзуна тIехволуш, саьнгаран йисттехь, малхехь лепаш, шурула кIайн цхьа хIума гина, тIевахара: малхо йакъийна, мехаша шарйина, акхарой кIомсарша цIенна йаьшна Iуьллура бежанан коьртан кIайн туьта: «Гарехь, оцу дIадевддачу жIаьлийн а цхьана хенахь шун хилла-кх xIapa», — ойла хилира Тавсолтин. Кхин а тIехилла леррина хьаьжча, «ОxI!» аьлла, цо цеце доккха са даьккхира: туьтан бIаьштигашна тIехь, ши маIа хиллачохь, мазакъйоьлла йоцца ши йуьхк гора. Вехха лаьттира Тавсолта ойлане вахана: «Дерриг а Делан болх бу!» — аьлла, цIехьа волавелира…

Ши йоI, Даудан, Увайсан хIолламашна хьалха а лаьттина, цигара школе йахара. Дог сиха детталора. Школин керта йоллушехь гира: шуьйра тIамарш а йаржийна лаьтта Дада-бIар, лестачу гаьннашца цо шаьшшиъ тIейоьхуш. Йедда, йедда, маракъевлира цара и.

Дада-бIар, куц дохаза, товш лаьттара, шена тIехьа, нийсачу магIаршца къона дитташ а техкаш. Амма, цуьнан IиндагIе нисделла, хьалхара кхо дитт-м кхечарел дикка лоха дисинера.

Нурседина девзира уьш: «шениг», «Керимниг», «Терентьевниг»! Дехьарчу кхаа дитта йуххехь лаьттара Селита: «Шениг», «Даудниг», «Увайсаниг»!.. Селита, йедда, йуха Дада-бIарана тIейахара:

— Нурседа! Хьажахьа, хIинца а!.. Диттан гаьн тIехь ширделла, амма хIинца а данза гора элпаш: «АУ — БД».

Кертахь цхьа а вацара. УьйтIе цIена йара. Цхьа a гIap ца хезара. ДIо paгIy кIелхьара нуй а карахь гучувелира воккха стаг, хьалха гинчех воцу оьрси.

— Тхо xIapa школа чекхйаьккхинарш ду! — шаьшшиъ йовзийтира Нурседас.

— Марша догIийла!.. Со дворник, лаахь, хехо а ву. Шуна мила оьшура?

— Анна Львовна!

— ГIалитIе йахана… селхана цIахь хир йу а аьллера… стенна хьеелла хаац… Кестта цIа кхочур йу… Лама педсовет а ма йу цуьнан, — жоп делира воккхачу стага.

Ши йиша шайн чукхаьчча, учахь Джейран лаьттара Нурседин шина беран куьйгаш а лаьцна, лаьмнашкахьа хьоьжуш, дуткъачу лога тIехь, мохехь раздахана зезаг санна, охьатаьIна корта ойлане бIогIамах а товжийна. Цу сохьта чукхечира Тавсолта а. ГIийло лаьттачу Джейранна тIе а вахана, забар йира:

— ХIан, алал, йоккха стаг, муха хета хьуна тхан мохк?

— Вон бац… хазахета… массанхьа а лаьмнаш ду, делахь а генна гуш шера аре-м йац!

— ХIан-хIа! Теркал дехьа шера аренаш а йу!.. Шучех тера а йолуш!.. — велакъежира Тавсолта.

* * *

КхозлагIчу дийнахь, делккъехь, йисина хIуманаш Джейранца чохь дIа а нисйина, Тавсолта чувале йижарий жижиг-галнаш дан тохабеллачу хенахь, цхьамма-м неI туьйхира:

— Можно? — схьахезира оьрсийн зудчун аз. HeIape хьаьдира Нурседий, Селитий: девзира, девзира царна иза…

Анна Львовна марайуьхкура цара, роггIана цуьнан малйеллачу беснеш тIе, сирделлачу гиччошна, декъачу куьйгашна обанаш бохуш. Беларш а, белхарш а иэделлера. Йуург кечйар хIинца шена дисина Джейран, корта а лестош, пеша йуххера цаьрга хьоьжуш лаьттара: цунна а йуьйцу хазарх йевзира Анна Львовна.

— XIapa тхан керла нана йу! — элира Нурседас, лерина, хьала а гIаьттина, Джейранан белш а лоцуш, и Анна Львовнина йовзуьйтуш. Джейрана, йелакъежаш, корта таIийра, демаша дуьзна куьйгаш хьала а айина.

Анна Львовна дикка къежйеллера, бIаьргийн гонаш кеггийра хебаршка даханера, амма бIаьрса хьалхалерра собаре, нуьцкъала догура. Хьалахьаьжча, цунна гира, тохарлеррачохь пенах кхозу хIетахьлерра, сирла велакъежначу Ленинан сурт. Сихха вукху пенехьа йирзира:

— XIapa-м беса лаьтта! — корта ластийра цо. Йижарша дийцира шайца мел хилларш. Анна Львовнас, йукъа хеттарш а туьйсуш, сов сема ладоьгIура. Эххар а Селитас хьехархочуьнга хаьттира:

— Ахь кехат хIунда ца йаздора тхоьга? Кхоьрура хьо?

— Йа хьуна а хийтира тхо бехке? — тIетуьйхира Нурседас, Iе а ца йелла.

— Аш хIун дуьйцу?! Аш хIун дуьйцу?! — куьйгаш хьалатесира Анна Львовнас. — Муха хетар дара шу бехке? Кхоьруш… меттигаш-м йаьхкира… бакъдерг аьлча… — охьахьаьжира и, цIий а луш.

ТIаккха хецца шех лаьцна дийца йуьйлира:

— Хьалхарчу кехатна жоп-м даийтира ас, амма… цул тIаьхьа со а холчухIоьттира. Чевнаш а хилла, кхетамза Iуьллу Иван Саввич фашисташа йийсаре вигна хиллера тIамехь. Цхьа хан йаьлча, товелча, церан лагерера и веддера. Хьаннашкахула лечкъаш, малхбалехьа кхаьчна и, кхано вайчех схьакхетча, и ша йийсаре ваханарг а вина, «тройко» Сибрех лаьллинера. Шуьгара хьалхара кехат деанчул тIаьхьа кхечира соьга Иван Саввичера и дерриге дуьйцу кехат… Бехк ма билла… хIун дара а хаац, эццахь дуьне а дицделира суна… Кехат чекхдоллуш цо: лаахь, шега хьежа — ша хьанал хилла, кхин хетахь — паргIат а хила, бохура…

Анна Львовнас бIаьргаш тIе йовлакх даьхьира.

— Ас цуьнга